Мероприятие, приуроченное ко Дню чеченского языка

Оханан беттан 30-чу дийнахь Гуьмсехь, «Вундеркинд» ц1е йолчу, В.М.Куразов ц1арах йолчу ишколехь, д1адаьхьира «Бекалахь,бекалахь, сан ненан мотт», аьлла, Ненан меттан Денна лерина вовшахкхетар.
Вовшахкхетарехь дакъалоцуш бара нохчийн йаздархой:
Х.Борхаджиев, Д.Сумбулатов, М.Алиев,1.Асхабов, А. Баталов, Э-1. Шамсудинов.,Вундеркинд ишколан дешархой а,иштта Гуьмсерчу берийн исбаьхьаллийн ишколан дешархой а.
Вовшахкхетар лакхарчу т1ег1ана т1ехь д1адахара: йийшира ненан маттахь байташ, дира хелхарш, дийкира Даймахках лаьцна иллеш. Бераша лерина ладуьйг1ира баьхкинчу хьешийн къамелашка, цара йешначу байташка а. Нохчийн маттана лерина вовшахкхетар хаза чекхделира.